101. Сурат АЛЬ-КЪᾹРИIА

Тухуш дерг

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 11 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме волчу Делан цIарца.

1 Аят
Тухуш дерг 1 . الْقَارِعَةُ
2 Аят
Иза хIун ду тухуш дерг? مَا الْقَارِعَةُ
3 Аят
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и тухуш дерг хIун ду? وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْقَارِعَةُ
4 Аят
Оцу дийнахь адамаш хир ду, даьржина цIоз санна‚ يَوْمَ يَكُونُ النَّاسُ كَالْفَرَاشِ الْمَبْثُوثِ
5 Аят
лаьмнаш хир ду, къовзийна тIаргIа 2 санна. وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ الْمَنفُوشِ
6 Аят
Амма шен терза дазделларг (дика Iамалш совъялла) – فَأَمَّا مَن ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ
7 Аят
иза хир ву /ша/ реза волчу дахарехь /ялсамани чохь/. فَهُوَ فِي عِيشَةٍ رَّاضِيَةٍ
8 Аят
Амма шен терза дайделларг (дика 1амалш к1еззиг хилла) – وَأَمَّا مَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ
9 Аят
цуьнан нана "хIāвийа" 3 хир ю. فَأُمُّهُ هَاوِيَةٌ
10 Аят
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза хIун ю? وَمَا أَدْرَاكَ مَا هِيَهْ
11 Аят
Алу туьйсу цIе /ю иза/! نَارٌ حَامِيَةٌ
1 Тухуш дерг – къематде‚ шен халонаш халкъашна тIе тухуш долу. Цо вовшахдоккхур ду массо а х1ума: дегнаш, кхераделла, детталур ду, стигалш дедар ду, латта лестор ду, лаьмнаш лаьттаца нисдийр ду …
2 Шайн меттигех даьхна‚ лаьттаца нисдина.
3 ХIāвийа – هاوية Iин‚ берд. Кхузахь: жоьжахати.