30. Сурат АР-РУМ

Румой 1

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 60 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
Алиф-лāм-мúм 2 . الم
2 Аят
Эшинера румой /персаша/, غُلِبَتِ الرُّومُ
3 Аят
(шайн махкана) гергахьорчу меттигехь. Уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлур болуш бу فِي أَدْنَى الْأَرْضِ وَهُم مِّن بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ
4 Аят
цхьа масийтта шарах 3 . Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъманахана. فِي بِضْعِ سِنِينَ لِلَّهِ الْأَمْرُ مِن قَبْلُ وَمِن بَعْدُ وَيَوْمَئِذٍ يَفْرَحُ الْمُؤْمِنُونَ
5 Аят
Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верг а ву. بِنَصْرِ اللَّهِ يَنصُرُ مَن يَشَاءُ وَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
6 Аят
Делан ваIда хилла (уьш толар). Дала доха ца до Шен ваIда‚ делахь а, нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх. وَعْدَ اللَّهِ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ وَعْدَهُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
7 Аят
Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIопал 4 бу. يَعْلَمُونَ ظَاهِرًا مِّنَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ الْآخِرَةِ هُمْ غَافِلُونَ
8 Аят
Цара ойла ца йо-те шаьш-шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна (билгалчу) ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхаберш шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетар хилар харцдеш бу-кх. أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا فِي أَنفُسِهِمْ مَا خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُّسَمًّى وَإِنَّ كَثِيرًا مِّنَ النَّاسِ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ لَكَافِرُونَ
9 Аят
Уьш ца лелла техьа лаьттахула‚ ца гина-те‚ муха хилла шайл хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш царал чIогIо ма бара ницкъаца‚ цара леладора латта (дуьйш-дерзош)‚ бāха а ма баьхна цу тIехь шайл хьалха баьхначул алсам. Цаьрга (х1окхарал хьалха хиллачаьрга) ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а, уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ كَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَأَثَارُوا الْأَرْضَ وَعَمَرُوهَا أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَاءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَكِن كَانُوا أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
10 Аят
ТIаккха вóн диначеран тIаьхье вон хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ цара уьш сийсаздеш хиларна. ثُمَّ كَانَ عَاقِبَةَ الَّذِينَ أَسَاؤُوا السُّوأَى أَن كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَكَانُوا بِهَا يَسْتَهْزِؤُون
11 Аят
Дала д1адоладо кхоллар юьхьанца‚ тIаккха Цо юха карладоккху иза‚ тIаккха (цул т1аьхьа) шу Цунна тIе юхадерзор а ду. اللَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
12 Аят
Сахьт 5 хIоьттинчу дийнахь къинош динарш догдиллина буьсур бу /Делан 1азапах к1елхьардовлар, шайна хир доцийла хиъна/. وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُبْلِسُ الْمُجْرِمُونَ
13 Аят
Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шаьш /Дела а витина, лецна хилла/ накъостий (дуьненахь цара лерам беш хилла болу харц деланаш) х1инца керстабеш. وَلَمْ يَكُن لَّهُم مِّن شُرَكَائِهِمْ شُفَعَاءُ وَكَانُوا بِشُرَكَائِهِمْ كَافِرِينَ
14 Аят
Сахьт хIоьттинчу дийнахь – оцу дийнахь уьш бекъалур бу (цхьаберш ялсамане, важаберш жоьжахате г1ур бу). وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَتَفَرَّقُونَ
15 Аят
Ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш – царна /ялсаманин/ бошмашкахь хазахоьтуьйтур ду (там бийр бу). فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَهُمْ فِي رَوْضَةٍ يُحْبَرُونَ
16 Аят
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартахь вовшахкхетар (юхаденбар) а харцдинарш а – уьш Iазапехь /даима/ хир бу. وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَلِقَاءِ الْآخِرَةِ فَأُوْلَئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
17 Аят
Тасбихь де Далла (ламаз де Цунна) шаьш суьйренга девлича а‚ шаьш Iуьйранна гIевтича а, فَسُبْحَانَ اللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ
18 Аят
Цунна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Малхбузехь а‚ шуна делкъхан х1оьттинчу хенахь а 6 /де ламазаш/. وَلَهُ الْحَمْدُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَعَشِيًّا وَحِينَ تُظْهِرُونَ
19 Аят
Цо схьадоккху (кхуллу) дийнадерг деллачух‚ делларг а схьадоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур (юхадендийр) ду /къематдийнахь/. يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ وَيُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَكَذَلِكَ تُخْرَجُونَ
20 Аят
Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар лаьттах‚ тIаккха шу адамийн тукхам а хилла, даьржаш /лаьттахула, Делера рицкъ лоьхуш/. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍ ثُمَّ إِذَا أَنتُم بَشَرٌ تَنتَشِرُونَ
21 Аят
Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу цаьрца /паргIат/ дāха. Цо хилийтина шуна юккъехь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَاجًا لِّتَسْكُنُوا إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُم مَّوَدَّةً وَرَحْمَةً إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
22 Аят
Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хууш болчарна (кхетаме болчарна). وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاخْتِلَافُ أَلْسِنَتِكُمْ وَأَلْوَانِكُمْ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّلْعَالِمِينَ
23 Аят
Цуьнан делилех ю шун наб буьйсанна а‚ дийнахь а йеш йолу‚ Цуьнан комаьршаллех аш /бāхам/ лахар а 7 . Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ладугIучу нахана. وَمِنْ آيَاتِهِ مَنَامُكُم بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَابْتِغَاؤُكُم مِّن فَضْلِهِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَسْمَعُونَ
24 Аят
Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерам тасарца а‚ /догIа даийтаре/ догдахарца а. Цо доуьйту стиглара хи (дог1а)‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъалечу нахана. وَمِنْ آيَاتِهِ يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنَزِّلُ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَيُحْيِي بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
25 Аят
Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а Цуьнан омраца лаьтташ хилар. Цул тIаьхьа Цо шуьга лаьттара цкъа кхайкхарца кхайкхича, шу /кешнийн чуьра/ арадевр ду /къематдийнахь/. وَمِنْ آيَاتِهِ أَن تَقُومَ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ بِأَمْرِهِ ثُمَّ إِذَا دَعَاكُمْ دَعْوَةً مِّنَ الْأَرْضِ إِذَا أَنتُمْ تَخْرُجُونَ
26 Аят
Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг 8 . Массо а Цунна муьтIахь а ву. وَلَهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ كُلٌّ لَّهُ قَانِتُونَ
27 Аят
Иза ву /хIума/ кхоллар д1адолош верг – тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цунна аттō ду (Цунна дан хала х1ума данне а дац). Цуьнан уггар лакхара масал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а (Шен ц1ерашца а, сибаташца а уггаре лакхара верг ву и Дела). Иза – веза верг а‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву. وَهُوَ الَّذِي يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَهُوَ أَهْوَنُ عَلَيْهِ وَلَهُ الْمَثَلُ الْأَعْلَى فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
28 Аят
Цо шуна масал далийна шух шайх. Шун буй шун аьтту куьйгаша 9 доладиначарах накъостий Оха шуна деллачу рицIкъехь, шу цу рицкъехь цхьанийсса а долуш‚ шу царна (вон х1ума хиларна) кхоьруш, шайна /хиларна/ кхерарах терра 10 ? Иштта кхетабо Оха аятех хьекъале болу нах. ضَرَبَ لَكُم مَّثَلًا مِنْ أَنفُسِكُمْ هَل لَّكُم مِّن مَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُم مِّن شُرَكَاءَ فِي مَا رَزَقْنَاكُمْ فَأَنتُمْ فِيهِ سَوَاءٌ تَخَافُونَهُمْ كَخِيفَتِكُمْ أَنفُسَكُمْ كَذَلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
29 Аят
Амма, зулам динарш тIаьхьахIиттира шайн дезаршна цхьа а Iилма а доцуш. Хьан нисбийр бу-те Дала тиларчохь битинарш? Ма бац царна цхьа а г1о ден дерш! بَلِ اتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَهْوَاءَهُم بِغَيْرِ عِلْمٍ فَمَن يَهْدِي مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ وَمَا لَهُم مِّن نَّاصِرِينَ
30 Аят
Ахь хIоттае хьан юьхь /Делан/ дина тIе, хьаниф (Дела цхьаъ веш верг) а хилий, Делан кхолларан бухца цхьаьнадог1уш а долчу, шена т1ехь Цо /берриг/ нах а кхоьллина долчу. Хийцам бац Делан кхолларан. Иза ду нийса долу дин‚ делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх! فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًا فِطْرَةَ اللَّهِ الَّتِي فَطَرَ النَّاسَ عَلَيْهَا لَا تَبْدِيلَ لِخَلْقِ اللَّهِ ذَلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
31 Аят
Цунна тIедоьрзурш 11 хилалаш дохкодавларца (тōба дарца)‚ Цунах (Делах) кхералаш‚ ламаз х1оттаделаш 12 , шу ма хилалаш мушрикех 13 , مُنِيبِينَ إِلَيْهِ وَاتَّقُوهُ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَلَا تَكُونُوا مِنَ الْمُشْرِكِينَ
32 Аят
шайн дин декъна, тобанаш йиначарах /ма хилалаш шу/. Х1ор тоба шегахь долчух яккхийеш ю (шена хетарг бакъ лоруш, кхечаьргахь дерг харцдеш). مِنَ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ
33 Аят
Нах шайга цхьа вон деача, шайн Кхиош-Кхобучуьнга кхойкху‚ Цунна тIебоьрзурш а хуьлий (дохкобовларца). ТIаккха Цо цаьрга Шен къинхетаман чам баккхийтича (и царах хьакхаделла вон д1адаьккхича), царах цхьана декъо шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу وَإِذَا مَسَّ النَّاسَ ضُرٌّ دَعَوْا رَبَّهُم مُّنِيبِينَ إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا أَذَاقَهُم مِّنْهُ رَحْمَةً إِذَا فَرِيقٌ مِّنْهُم بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ
34 Аят
Оха шайна делларг керстадархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна. لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ فَتَمَتَّعُوا فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
35 Аят
Я Оха цаьрга (мушрикашка) тешалла 14 доссийна‚ цо дуьйцуш цара Шеца накъост лоцуш хиллачух? أَمْ أَنزَلْنَا عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا فَهُوَ يَتَكَلَّمُ بِمَا كَانُوا بِهِ يُشْرِكُونَ
36 Аят
Оха нахе къинхетаман чам баккхийтича‚ уьш цунах баккхийбоь. Ткъа царах вониг хьакхаделча шайн куьйгаша хьалхадаьккхина долчу, – цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/. وَإِذَا أَذَقْنَا النَّاسَ رَحْمَةً فَرِحُوا بِهَا وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ إِذَا هُمْ يَقْنَطُونَ
37 Аят
Царна ца гина-те Дала рицкъ алссам даржош хилар Шена луучунна‚ доза тухуш хилар а /кIеззиг луш Шена луучунна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш болчу нахана. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاءُ وَيَقْدِرُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
38 Аят
ДIало гергарчунна шен хьакъ (цунна дог1ург)‚ мискачунна а‚ некъахочунна а /шайн хьакъ/. Иза – дика ду Делан юьхь /ган/ луучунна 15 . Уьш бу декъала хин берш (кху дуьненахь а, эхартахь а). فَآتِ ذَا الْقُرْبَى حَقَّهُ وَالْمِسْكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ ذَلِكَ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ يُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
39 Аят
Аш рибана (саяккхархьама) луш долу бахамах х1ума (декхар, совг1ат, кхиерг) нехан бахамехь кхиийта – кхуьур дац и (риба) Далла гергахь /ял хиларца/. Аш, Делан юьхь /ган/ лууш луш долу закат (саг1а, муьлхха Делан дуьхьа деш долу дика г1уллакх) - /алссам кхуьур ду Далла гергахь/. Уьш (и деш берш) бу шайна алссам ял хин йерш /эхартахь/. وَمَا آتَيْتُم مِّن رِّبًا لِّيَرْبُوَ فِي أَمْوَالِ النَّاسِ فَلَا يَرْبُو عِندَ اللَّهِ وَمَا آتَيْتُم مِّن زَكَاةٍ تُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُضْعِفُونَ
40 Аят
И Дела ву шу кхоьллинарг а‚ тIаккха шуна рицкъ делларг а, тIаккха шу долуьйтуш верг а‚ тIаккха шу юха дендеш верг а. Шун накъостех (аш шайна деланаш биначарах) вуй ша ишттачарах цхьа а хIума далуш верг? Ц1ена ву Иза /массо а кхачамбацарех/, лекха ву Иза цара /Шеца/ накъост лацарх (цара шайна деланаш бу бохуш, лецначарал). اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُمْ ثُمَّ رَزَقَكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ هَلْ مِن شُرَكَائِكُم مَّن يَفْعَلُ مِن ذَلِكُم مِّن شَيْءٍ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
41 Аят
Вониг (йокъана, цамгарш, ун) гучудели аренгахь а‚ хIорда чохь а нехан куьйгаша динарг (цара деш долу къинош) бахьана долуш‚ /Дала/ цара динчух (вонех) цхьадерш Iовшийтархьама /цаьрга дуьненан дахарехь/ уьш юхаберзийтархьама /нийсачу новкъа/. ظَهَرَ الْفَسَادُ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ بِمَا كَسَبَتْ أَيْدِي النَّاسِ لِيُذِيقَهُم بَعْضَ الَّذِي عَمِلُوا لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
42 Аят
Ахь āла /х1ай пайхамар/: "Шу лела а лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла шул хьалхарчеран (Нухьин къоман, 1адийн, самудийн…) чаккхе! Царах дукхахберш /Делаца/ накъостий лецнарш ма хилла. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِن قَبْلُ كَانَ أَكْثَرُهُم مُّشْرِكِينَ
43 Аят
Ахь йерзае хьан юьхь нийсачу (ц1еначу) дине, шена Делера юхадерзор (ца дог1уш дуьсур) доцчу /къемат/де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу (ялсамане г1ур болчаьргий, жоьжахате г1ур болчаьргий). فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ الْقَيِّمِ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ يَوْمٌ لَّا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ يَوْمَئِذٍ يَصَّدَّعُونَ
44 Аят
/Делан дин/ керстадинарг – цунна шена дуьхьал хир ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарш – цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйийр ю. مَن كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِأَنفُسِهِمْ يَمْهَدُونَ
45 Аят
/И хир ду/ ийман диллинчара а‚ дика Iамалш йиначара а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цунна ца беза цатешарш. لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِن فَضْلِهِ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْكَافِرِينَ
46 Аят
Цуьнан аятех ду Цо мехаш эхийтар (дог1а дале хьалха) дикачу кхаьънашца, шуьга Iовшийтархьама а Шен къинхетамах‚ кеманаш лелийтархьама а Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама а Цуьнан комаьршаллех 16 ‚ шу /Цунна/ баркалле хилийтархьама. وَمِنْ آيَاتِهِ أَن يُرْسِلَ الرِّيَاحَ مُبَشِّرَاتٍ وَلِيُذِيقَكُم مِّن رَّحْمَتِهِ وَلِتَجْرِيَ الْفُلْكُ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
47 Аят
Оха бахийтира хьол хьалха а элчанаш шайн-шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира цаьрга къеггинчу билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхан декхар хилла муъманахана гIо дар. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ رُسُلًا إِلَى قَوْمِهِمْ فَجَاؤُوهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَانتَقَمْنَا مِنَ الَّذِينَ أَجْرَمُوا وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ
48 Аят
Дела ву Ша мехаш хьоькхуьйтург‚ т1аккха цара хьейо мархаш‚ Цо уьш яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо царах кескаш йо. Т1аккха хьуна го царна (мархийн кескашна) юккъехула схьадолуш долу дог1а. Цо иза кхачийча Шен лех Шена луучарна – царна хазахета /догIа деъча/, اللَّهُ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَيَبْسُطُهُ فِي السَّمَاءِ كَيْفَ يَشَاءُ وَيَجْعَلُهُ كِسَفًا فَتَرَى الْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَالِهِ فَإِذَا أَصَابَ بِهِ مَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
49 Аят
цул хьалха иза (дог1а) шайна тIе дале уьш хиллехь а дог диллина. وَإِن كَانُوا مِن قَبْلِ أَن يُنَزَّلَ عَلَيْهِم مِّن قَبْلِهِ لَمُبْلِسِينَ
50 Аят
Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа?! Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массо а хIумана тIехь ницкъ кхочуш верг ву. فَانظُرْ إِلَى آثَارِ رَحْمَتِ اللَّهِ كَيْفَ يُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا إِنَّ ذَلِكَ لَمُحْيِي الْمَوْتَى وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
51 Аят
Нагахь Оха бахийтахь /царна зуламе хир болу/ мох‚ тIаккха царна иза (лаьттахь кхуьуш долу ялта а, кхийолу х1ума а) мажделла (дакъаделла) гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара баркалла ца олуш (Дала шайна хьалха делла хиллачу ни1маташна а) 17 . وَلَئِنْ أَرْسَلْنَا رِيحًا فَرَأَوْهُ مُصْفَرًّا لَّظَلُّوا مِن بَعْدِهِ يَكْفُرُونَ
52 Аят
Баккъалла а, хьоьга /х1ай элча/ хозуьйталур дац беллачаьрга а‚ хьоьга хозуьйталур дац къорачаьрга а кхайкхар, уьш юхабевлича (ахь са ма гаттаде цу мушрикаша хьан кхайкхамна жоп цадаларх, царна бакъдерг ца хеза, беллачарна а, къорачарна а цахазарх терра). فَإِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَى وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ
53 Аят
Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларх. Ахь хозуьйтур ду беккъа Тхан аятех тешаш болчарна шаьш /Далла/ муьт1ахь а болчу. وَمَا أَنتَ بِهَادِي الْعُمْيِ عَن ضَلَالَتِهِمْ إِن تُسْمِعُ إِلَّا مَن يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُم مُّسْلِمُونَ
54 Аят
Дела ву шу кхоьллинарг ледараллах (тIадамах)‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницкъ (къоналла)‚ тIаккха хилийтина ницкъал тIаьхьа ледаралла (къаналла) а‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луъург. Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن ضَعْفٍ ثُمَّ جَعَلَ مِن بَعْدِ ضَعْفٍ قُوَّةً ثُمَّ جَعَلَ مِن بَعْدِ قُوَّةٍ ضَعْفًا وَشَيْبَةً يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْقَدِيرُ
55 Аят
Сахьт (къематде) хIоьттинчу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначара, шаьш сохьтехь а ца лаьттина, бохуш /дуьненан дахарехь/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш /бакъдолчух дуьненахь/! وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُقْسِمُ الْمُجْرِمُونَ مَا لَبِثُوا غَيْرَ سَاعَةٍ كَذَلِكَ كَانُوا يُؤْفَكُونَ
56 Аят
Iилма а‚ ийман а шайна деллачара элира: "Шу дисира /дуьненахь/ Делан жайни чохь ма яздарра юха дендаран (къемат) де кхаччалц. ХIара ду-кх юха дендаран де‚ амма шу ца хууш хили-кх!". وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَالْإِيمَانَ لَقَدْ لَبِثْتُمْ فِي كِتَابِ اللَّهِ إِلَى يَوْمِ الْبَعْثِ فَهَذَا يَوْمُ الْبَعْثِ وَلَكِنَّكُمْ كُنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
57 Аят
Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначарна шайн бехказлонаша‚ бехказадовлар а доьхур дац цаьрга. فَيَوْمَئِذٍ لَّا يَنفَعُ الَّذِينَ ظَلَمُوا مَعْذِرَتُهُمْ وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
58 Аят
Оха далийна нахана хIокху Къуръан чохь массо а масал. Хьо цаьрга веъча а цхьа аят дахьаш‚ эр ма ду цатешачара: "Шу ма дац /бакъдерг/ дохийнарш а бен". وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِي هَذَا الْقُرْآنِ مِن كُلِّ مَثَلٍ وَلَئِن جِئْتَهُم بِآيَةٍ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ أَنتُمْ إِلَّا مُبْطِلُونَ
59 Аят
Иштта мухIар туху Дала цахуучеран дегнашка. كَذَلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَى قُلُوبِ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
60 Аят
Ахь собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ду хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначарна /собарх ма валалахь/. فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَا يَسْتَخِفَّنَّكَ الَّذِينَ لَا يُوقِنُونَ
1 Румой – грекаш‚ я римлянаш (жайнин охIла). Персашца (фарисашца). Уьш бу Иран пачхьалкхан махкахой. Хиллачу тIамашкахь юхьанца эшна хилла румой (григориански календаран 613-614 шераш, бусалба терахь доладалале 7 шо хьалха). Бусалбанаш румошка озабезам болуш хилла., уьш жайнин охIла хиларе терра, ткъа Маккин керстанаш – персашкахьа. Румой эшча, хазахеташ хилла Маккин керстанаш, ткъа бусалбанашна и халахетта. Церан дог айдеш, доссийна хIара аяташ. Кхузахь Къуръано дуьйцу вайна т1аьхьа хирг долчу хабарех. Цо ма-дуьццу хила а хилира. Иза ду Мухьаммад бакъ пайхамар хиларан къеггина делил.
2 Хьалха деана оцунах лаьцнарг.
3 Кхаанна т1ера исс шаре кхаччалц. ВорхI шо даьлча (григориански календарца 621-чу шарахь, бусалба терахь доладалале цхьа шо хьалха) румой туьйлира, т1аккха хазахийтира бусалбанашна.
4 Г1опал – тидам боцуш. 1аьрбашха: غافلг1афил – тидам боцург.
5 Сахьт – кхузахь а, кхечахь а: къематде.
6 Муъманаха Далла хастам бо ламазашкахь: суьйрана (маьркIаж-ламаз а‚ пхьуьйр-ламаз а)‚ Iуьйрана (Iуьйр-ламаз)‚ малх д1абузуш (малхбуз-ламаз)‚ делкъахь (делкъ-ламаз) . Дийнахь а, буса а деш долу пхи ламаз.
7 Аш рицкъ лахар.
8 Къуръанчохь и деъна منмел верг аьлла, хьекъал дерг билгалдоккхучу ц1ерметдашца. Уьш хуьлу стигланашкахь а, лаьттахь а долу маликаш а, адамаш а, жинаш а.
9 Аьтту куьйго доладинарг – лай; шун куьйга кIел берш.
10 Дала боху нахе: Шу реза хуьлий, аш рицкъ а луш, доладеш болчу наха (масала, шун леш) шуьца цхьанисса шун г1уллакхашкахь дакъа лаца, шайна санна царна бохам хиларх а кхоьруш? Реза ца хуьлу шу оцу нийсонна, шаьш санна оьздачу нахехь а, ткъа шайн лешкахь-м - муххале а хир дац ! Т1аккха муха нисбо аш Делаца Цо Ша кхоьллина болу Цуьнан леш?!!
11 Деле гечдар доьхуш.
12 Къуръанчохь гуттар а «ламаз х1оттор» (إقامة الصلاة) маь1нехь дог1у и дош, «ламаз дар» (أداء الصلاة ) маь1нехь доцуш. Цуьнан маь1на ду «шен хенахь, кхоччуш, массо а рукнаш тергал а йеш, Дела дагахь а волуш, ламаз дар».
13 Делаца накъост лоцучарах.
14 Жайна‚ я аят.
15 Делан юьхь йезачарна – кхузахь: Делера мела безачарна.
16 Мохах шуьга пайда эцийтархьама хинкеманаш д1асалелийтарца, механ хьераш хьийзийтарца…
17 Дала царна мох баийтина‚ массо а лаьттах схьайолу хIума хIаллакхилча‚ – тIаккха а хьалха хилла Делан ниIматаш харцдийр ма дара цара.