46. Сурат АЛЬ-АХЬКЪАФ 1

Маккахь доьссина‚ дерриге а 35 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
Хьа-мūм 2 . حم
2 Аят
Жайна (Къуръан) доссар ду /хIара/ Ша веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера. تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
3 Аят
Оха ца кхоьллина стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а бакъонца бен‚ цIе тоьхначу ханна бен. Керста хилларш шайна тийсинчу /эхартан 1азапан/ кхерамах дIа ма боьрзу. مَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُّسَمًّى وَالَّذِينَ كَفَرُوا عَمَّا أُنذِرُوا مُعْرِضُونَ
4 Аят
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Дийцал суна, Дела а витина, аш /шайга/ кхойкхучарах 3 . ХIун кхоьллина цара латтах‚ я царна накъосталла ду /Делаца цхьаьна хIума кхолларехь/ стигалшкахь? Схьало соьга жайна хIокхул (Къуръанал) хьалха /доссийна долу/‚ я Iилманах лар, шу бакълуьйш хиллехь". قُلْ أَرَأَيْتُم مَّا تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ اِئْتُونِي بِكِتَابٍ مِّن قَبْلِ هَذَا أَوْ أَثَارَةٍ مِّنْ عِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
5 Аят
Мила ву вунō тилавелла ша Дела воцчуьнга кхойкхуш волчул, шена жоп ца лучуьнга къематде кхаччалц‚ уьш церан кхайкхарх (Iибадатах) гIопал 4 а болуш? /Вац цхьа а!/ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّن يَدْعُو مِن دُونِ اللَّهِ مَن لَّا يَسْتَجِيبُ لَهُ إِلَى يَومِ الْقِيَامَةِ وَهُمْ عَن دُعَائِهِمْ غَافِلُونَ
6 Аят
Нах гулбича /къематдийнахь/, уьш хили царна мостагIий‚ церан Iибадатана керста. وَإِذَا حُشِرَ النَّاسُ كَانُوا لَهُمْ أَعْدَاءً وَكَانُوا بِعِبَادَتِهِمْ كَافِرِينَ
7 Аят
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, керста хиллачара элира бакъдолчух (Къуръанах), и шайга деъначул тIаьхьа: "ХIара билггала долу бозбуунчалла ду". وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ هَذَا سِحْرٌ مُّبِينٌ
8 Аят
Я цара олу: "Цо 5 /шегара/ кхоьллина иза?" Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Ас иза /Къуръан/ айса кхоьллинехьара, аш доладийр ма дац суна Делера хIумма а (шуна ницкъ кхочур бацара сох Делан Iазап духатоха, тIаккха шун дуьхьа ас хIунда кхуллу и сайгара)? Иза дика хууш ву-кх аш цунах /Къуръанах/ дуьйцург. Кхачо ю-кх Цуьнца теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Иза т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву". أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَلَا تَمْلِكُونَ لِي مِنَ اللَّهِ شَيْئًا هُوَ أَعْلَمُ بِمَا تُفِيضُونَ فِيهِ كَفَى بِهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَهُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
9 Аят
Ахь āла /х1ай элча, хьайн къоман мушрикашка/: "Со хилла вац элчанех дуьххьар ваийтинарг‚ суна ца хаьа сайх хIун дийр ду а‚ шух /хIун дийр ду а/. Со тIаьхьахIутту деккъа сайга ваьхьица хаийтинчунна. Со ма вац билггала волу кхерамча (д1ахоуьйтург) бен". قُلْ مَا كُنتُ بِدْعًا مِّنْ الرُّسُلِ وَمَا أَدْرِي مَا يُفْعَلُ بِي وَلَا بِكُمْ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَى إِلَيَّ وَمَا أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُّبِينٌ
10 Аят
Ахь āла: "Аш дийцал суна /шайн хьолах/ иза /Къуръан/ Делан агIорхьара хилча, аш цунна керстаналла дина‚ ткъа Исраилан кIентех цхьаммо 6 тешалла ди и санначунна тIехь 7 . Цо ийман диллира‚ шу курадевлира. Баккъалла а, Дāла нис ма ца до зуламе долу къам". قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن كَانَ مِنْ عِندِ اللَّهِ وَكَفَرْتُم بِهِ وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِّن بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَى مِثْلِهِ فَآمَنَ وَاسْتَكْبَرْتُمْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
11 Аят
Цатешначара элира ийман диллнчарех: "/Иза‚ ислам дин/ дика хиллехьара, тхол хьалха цунна тIе кхиар ма бацара уьш". Шаьш цуьнца (Къуръанца) нийсачу новкъа нис ца белча‚ цара эр ду: "ХIара хьалхалера харцдерг ду". وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا لَوْ كَانَ خَيْرًا مَّا سَبَقُونَا إِلَيْهِ وَإِذْ لَمْ يَهْتَدُوا بِهِ فَسَيَقُولُونَ هَذَا إِفْكٌ قَدِيمٌ
12 Аят
Цул хьалха Мусан жайна 8 /доссийра Оха/ баьчча а‚ къинхетам а хилла. ХIара жайна /ду/, бакъдеш /шел хьалха хилларш/‚ Iаьрбийн маттахь а долуш, кхерам таса зулам диначарна‚ кхаъ хилла дикачарна. وَمِن قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَى إِمَامًا وَرَحْمَةً وَهَذَا كِتَابٌ مُّصَدِّقٌ لِّسَانًا عَرَبِيًّا لِّيُنذِرَ الَّذِينَ ظَلَمُوا وَبُشْرَى لِلْمُحْسِنِينَ
13 Аят
Баккъалла а, шаьш аьлларш: "Вайн Кхиош-Кхобург Дела ву"‚ тIаккха /Делан новкъахь/ чIагIбелларш – кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан 1азапах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь шайл бухадуьсчух/. إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
14 Аят
Уьш ялсаманин дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш – /хаза/ бекхам бу /иза/ цара йеш хиллачу /дикачу/ Iамална /дуьхьал/. أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
15 Аят
Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар – нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /6-9 бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша г1еметтах1оьттича 9 , шовзткъа шере ваьлча, цо 10 элира: "Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан г1уллакхаш – нисбелахь уьш а нийсачу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьт1ахьболчарах (бусалбанех) ву-кх". وَوَصَّيْنَا الْإِنسَانَ بِوَالِدَيْهِ إِحْسَانًا حَمَلَتْهُ أُمُّهُ كُرْهًا وَوَضَعَتْهُ كُرْهًا وَحَمْلُهُ وَفِصَالُهُ ثَلَاثُونَ شَهْرًا حَتَّى إِذَا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَبَلَغَ أَرْبَعِينَ سَنَةً قَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَى وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَصْلِحْ لِي فِي ذُرِّيَّتِي إِنِّي تُبْتُ إِلَيْكَ وَإِنِّي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
16 Аят
Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Iамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваIда ю иза царна йина хилла йолу. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ نَتَقَبَّلُ عَنْهُمْ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَنَتَجاوَزُ عَن سَيِّئَاتِهِمْ فِي أَصْحَابِ الْجَنَّةِ وَعْدَ الصِّدْقِ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ
17 Аят
/Хьажал/ и аьлларг 11 шен дега-нене: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо 12 гIо доьхуш Деле: "Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю". Цо 13 олу: "ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара". وَالَّذِي قَالَ لِوَالِدَيْهِ أُفٍّ لَّكُمَا أَتَعِدَانِنِي أَنْ أُخْرَجَ وَقَدْ خَلَتْ الْقُرُونُ مِن قَبْلِي وَهُمَا يَسْتَغِيثَانِ اللَّهَ وَيْلَكَ آمِنْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَيَقُولُ مَا هَذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
18 Аят
Уьш бу шайна тIехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош 14 бакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِم مِّنَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ
19 Аят
ХIоранна ша йинчу Iамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Iамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац. وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِّمَّا عَمِلُوا وَلِيُوَفِّيَهُمْ أَعْمَالَهُمْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
20 Аят
Оцу /къемат/дийнахь цатешнарш хьалхатоттур бу жоьжахатина‚ /цаьрга эр ду маликаша/: "ДIадахийтина аш шайн диканаш (ни1маташ) шайн дуьненан дахарехь‚ цуьнца /дуьненца/ зовкх а хьегна аш. Тахана шуна бекхам бо сийсазаллин Iазапаца аш куралла ярна лаьттахь, цхьа а бакъо йоцуш‚ шу песикъ хиларна". وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَذْهَبْتُمْ طَيِّبَاتِكُمْ فِي حَيَاتِكُمُ الدُّنْيَا وَاسْتَمْتَعْتُم بِهَا فَالْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنتُمْ تَفْسُقُونَ
21 Аят
Хьахаве Iадийн ваша 15 ‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь 16 ‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тIаьхьа а хилира: "Аш Iибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Iазапах"‚ аьлла. وَاذْكُرْ أَخَا عَادٍ إِذْ أَنذَرَ قَوْمَهُ بِالْأَحْقَافِ وَقَدْ خَلَتْ النُّذُرُ مِن بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
22 Аят
Цара элира: "Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь". قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَأْفِكَنَا عَنْ آلِهَتِنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
23 Аят
Цо (Х1уд-пайхамара) элира: "Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам". قَالَ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِندَ اللَّهِ وَأُبَلِّغُكُم مَّا أُرْسِلْتُ بِهِ وَلَكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
24 Аят
Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: "ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх". "ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду – мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу"‚ /элира кхечара/. فَلَمَّا رَأَوْهُ عَارِضًا مُّسْتَقْبِلَ أَوْدِيَتِهِمْ قَالُوا هَذَا عَارِضٌ مُّمْطِرُنَا بَلْ هُوَ مَا اسْتَعْجَلْتُم بِهِ رِيحٌ فِيهَا عَذَابٌ أَلِيمٌ
25 Аят
"Цо дохор ду массо а хIума шен Делан омраца"‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Iуьйранга бевлира церан гIишлош бен гуш хIума а доцуш (Дала хIаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана. تُدَمِّرُ كُلَّ شَيْءٍ بِأَمْرِ رَبِّهَا فَأَصْبَحُوا لَا يُرَى إِلَّا مَسَاكِنُهُمْ كَذَلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ
26 Аят
Оха чIагIбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чIагI ца бинчуьнца‚ Оха хилийтира царна лерса а‚ б1аьрса а‚ дегнаш а. Царна цхьанна х1уманна пайдане ца хилира церан лерса а‚ церан б1аьрса а‚ церан дегнаш а (царах х1умма а кIелхьар ца даьккхира цара Делан 1азапах)‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш. Царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг. وَلَقَدْ مَكَّنَّاهُمْ فِيمَا إِن مَّكَّنَّاكُمْ فِيهِ وَجَعَلْنَا لَهُمْ سَمْعًا وَأَبْصَارًا وَأَفْئِدَةً فَمَا أَغْنَى عَنْهُمْ سَمْعُهُمْ وَلَا أَبْصَارُهُمْ وَلَا أَفْئِدَتُهُم مِّن شَيْءٍ إِذْ كَانُوا يَجْحَدُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
27 Аят
Оха хIаллак ма йира шун гонахьара ярташ‚ далийра делилаш‚ уьш юхабоьрзур бацара те. وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا مَا حَوْلَكُم مِّنَ الْقُرَى وَصَرَّفْنَا الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
28 Аят
ГIо динехьара царна шаьш, Дела а витина, Цунна гергахилийта цара лаьцна хиллачу дēланаша. /Ма ца дина!/ ХIетте а‚ уьш дIатилира царах. Иза церан харцдерг а дара‚ цара харц кхуллуш хилларг а дара. فَلَوْلَا نَصَرَهُمُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ قُرْبَانًا آلِهَةً بَلْ ضَلُّوا عَنْهُمْ وَذَلِكَ إِفْكُهُمْ وَمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
29 Аят
Оха хьавзира хьо волчу жинийх цхьа тоба‚ цара Къуръане ладугIу. Шаьш цигахь долуш цара /вовшашка/ элира: "Совца /ладогIа Къуръане/". И дешна даьлча, уьш дIадахара шен къомана тIе, кхерам тосуш. وَإِذْ صَرَفْنَا إِلَيْكَ نَفَرًا مِّنَ الْجِنِّ يَسْتَمِعُونَ الْقُرْآنَ فَلَمَّا حَضَرُوهُ قَالُوا أَنصِتُوا فَلَمَّا قُضِيَ وَلَّوْا إِلَى قَوْمِهِم مُّنذِرِينَ
30 Аят
Цара элира: "ХIай тхан къам! Тхуна хезира цхьа жайна‚ Мусал тIаьхьа доссийна долу, шел хьалха хиллачуьнца (Тавратаца а‚ Инжилаца а) нийса догIуш долу‚ ша нисвеш долу бакъдолчунна тIе а‚ нийсачу новкъа а. قَالُوا يَا قَوْمَنَا إِنَّا سَمِعْنَا كِتَابًا أُنزِلَ مِن بَعْدِ مُوسَى مُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ وَإِلَى طَرِيقٍ مُّسْتَقِيمٍ
31 Аят
ХIай тхан къам! Жоп ло Делера кхойкхуш волчунна‚ теша цунах - Цо гечдийр ду шун къиношна‚ шу кIелхьардохур ду лазош долчу Iазапах". يَا قَوْمَنَا أَجِيبُوا دَاعِيَ اللَّهِ وَآمِنُوا بِهِ يَغْفِرْ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُجِرْكُم مِّنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
32 Аят
Делера кхойкхуш волчунна жоп ца луш верг – ницкъ кхочур бац цунна лаьттахь /Делан Iазапах кІелхьаравала/. Иза воцург /цхьа а/ г1оьнчий бац цунна. Ишттанаш билгалчу тилар чохь бу-кх! وَمَن لَّا يُجِبْ دَاعِيَ اللَّهِ فَلَيْسَ بِمُعْجِزٍ فِي الْأَرْضِ وَلَيْسَ لَهُ مِن دُونِهِ أَولِيَاءُ أُوْلَئِكَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
33 Аят
Царна ца гина техьа Ша стигалш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кIад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? ХIаъ! Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг ву-кх. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَلَمْ يَعْيَ بِخَلْقِهِنَّ بِقَادِرٍ عَلَى أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَى بَلَى إِنَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
34 Аят
Оцу /къемат/дийнахь хьалхатоттур бу цатешнарш /жоьжахатин/ цIарна /цаьрга хоттур ду/: "Бакъ дац хIара?" /олуш/. Цара эр ду: "ХIаъ‚ тхан Кхиош-Кхобучух (дуй боу оха): бакъ ду". Цо (Дāла) эр ду: "Iовша шайна Iазап шаьш ца тешаш хиларна". وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَلَيْسَ هَذَا بِالْحَقِّ قَالُوا بَلَى وَرَبِّنَا قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
35 Аят
Собаре хила /хьо, Мухьаммад, цу керстанаша хьайна бечу цатамашкахь/‚ элчанех 17 шайгахь чIагIо хиллачара собар дарх терра‚ сих ма де царна /Iазап доссар/. Уьш тера бу‚ шайна ваIда йинарг шайна гучу дийнахь‚ дийнан цхьана сахьтехь бен /дуьненахь/ ца лаьттинчарах. /ХIара Къуръан нахе/ дIакхачор ду /хьуна тIехь/. Песикъ къам бен хIаллакдеш дуй? /Дац те!/ فَاصْبِرْ كَمَا صَبَرَ أُوْلُوا الْعَزْمِ مِنَ الرُّسُلِ وَلَا تَسْتَعْجِل لَّهُمْ كَأَنَّهُمْ يَوْمَ يَرَوْنَ مَا يُوعَدُونَ لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا سَاعَةً مِّن نَّهَارٍ بَلَاغٌ فَهَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الْفَاسِقُونَ
1 Хьазр-мавтехь (Йеменехь) болу буьйра. Шайн къинош бахьанехь Дала х1аллакдинчу (1ад(عاد бохучу къоман ярташ хилла меттиг.
2 Далла хаьа цуьнца Шена луург.
3 Керстанаша шайна 1ибадат деш йолчу х1уманех – ж1арех лаьцна.
4 Г1опал верг – тидам ца беш верг, терго ца йеш верг.
5 Мухьаммад- пайхамаро ﷺ.
6 Саламан кIант IабдуллахIи (жуьгти, бусалба дин т1еэцна хилла волу). Ат1-Табарийс а, кхечара и Дала вуьйцург 1абдуллах1и вац, боху. 1абдуллах1ис бусалба дин т1елаьцна Мадинатехь, ткъа х1ара аяташ доьссина Маккахь. Кхузахь луург 1имранан к1ант Муса пайхамар ву. Цуьнга доьссина Таврат ду Къуръан санна Делан жайна. Цу чохь хилла Мухьаммад ﷺ вог1ург хиларх а, цуьнга жайна доссориг хиларх а тешалла.
7 Къуръан Делера ду аьлла. Я Къуръан санна Делера долчу жайни чохь - Таврат чохь.
8 Таврат.
9 Ша г1еметтах1оьттича – ша кхиъна ваьлча, ша воккха хилча.
10 Иза аят доьссина Абу-Бакр Сиддикъехь‚ цо аьлла и дешнаш. Шен 40 шо лолуш, пайхамар ﷺ ваийтинчул т1аьхьа 2 шо даьлча, цо ийман диллира, шайна керстанаша 1азап дечух 9 буслба лай азатваьккхира.Т1аккха ийман диллира цуьнан дас а, нанас а, доьзало а, к1ентан к1анта а. Иштта ни1мат ца хилра цхьанна а.
11 Абу-Бакран кIант Iабд-ур-Рахьман‚ цу хенахь ийман дилаза хилла волу.
12 Абу-Бакро а‚ цуьнан зудчо а‚ шайн кIант нисвар доьхуш Деле.
13 Абу-Бакран кIанта Iабд-ур-Рахьмана. 16-17-гIа аяташ Абу-Бакрехь а, цуьнан кIантехь доьссина хилар Iаишата а, кхечара а бакъ ца лерина. Юккъара ду уьш.
14 Ийман ца диллахь жоьжахате духкур ду‚ аьлла долу.
15 ХIуд-пайхамар.
16 Оцунах лаьцнарг суратан юьххьехь деана. Ахькъаф – 1аьрбийн ах-г1айрен къилбехь хиллачу меттиган ц1е.
17 Адам а‚ Йȳнус а ца хилла царах‚ церан собар ца кхаьчна Делан омранна тIехь.