1 Аят |
Ша паччахь волчу‚ Ша /массо а кхачамбацарех/ ц1ена волчу‚ Ша веза волчу‚ Шегахь хьикмат долчу Далла тасбихь деш ду
1
стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. |
يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ الْمَلِكِ الْقُدُّوسِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
|
2 Аят |
Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь
2
царна шайна юккъера элча‚ цо царна дуьйцуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат
3
а‚ уьш хьалха хиллехь а ган а гуш долчу тиларчохь. |
هُوَ الَّذِي بَعَثَ فِي الْأُمِّيِّينَ رَسُولًا مِّنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِن كَانُوا مِن قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
|
3 Аят |
/Нахах/ кхечарна
4
а /дуьйцу цо Делан аяташ/, шаьш царах (хьалха Мухьаммад-пайхамарна гонах хилла болчарах) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву. |
وَآخَرِينَ مِنْهُمْ لَمَّا يَلْحَقُوا بِهِمْ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
|
4 Аят |
Иза Делан дозалла (сий) ду‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву. |
ذَلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَاء وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
|
5 Аят |
Шайна тIе Таврат диллинчеран
5
‚ тIаккха иза д1а ца дихьинчеран
6
масал ду жайнаш хьочу виран
7
масалх тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдинчу къоман масал. Дала нис ца бо зуламе нах. |
مَثَلُ الَّذِينَ حُمِّلُوا التَّوْرَاةَ ثُمَّ لَمْ يَحْمِلُوهَا كَمَثَلِ الْحِمَارِ يَحْمِلُ أَسْفَارًا بِئْسَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
|
6 Аят |
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIай жуьгтий (-н динехь) хилларш! Шу моьттуш делахь шаьш Делан доттагIий ду
8
/кхин/ нах боцуш, – шуна дала лаал, шаьш бакълуьйш хиллехь
9
". |
قُلْ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ هَادُوا إِن زَعَمْتُمْ أَنَّكُمْ أَوْلِيَاءُ لِلَّهِ مِن دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
|
7 Аят |
Иза цкъа а луур дац царна, шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой. |
وَلَا يَتَمَنَّوْنَهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
|
8 Аят |
Ахь āла: "Шу шех довдуш долу и валар дуьхьалкхетар ду шуна. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлаха дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчуьнга (Далла тIе). ТIаккха Цо д1адуьйцур ду шуьга аш деш хилларг". |
قُلْ إِنَّ الْمَوْتَ الَّذِي تَفِرُّونَ مِنْهُ فَإِنَّهُ مُلَاقِيكُمْ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَى عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
|
9 Аят |
ХIай ийман диллинарш! Шайга кхайкхича ламазе пIерасканан дийнахь, сихло Дела хьехо /рузбан ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь. |
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نُودِي لِلصَّلَاةِ مِن يَوْمِ الْجُمُعَةِ فَاسْعَوْا إِلَى ذِكْرِ اللَّهِ وَذَرُوا الْبَيْعَ ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
|
10 Аят |
Ламаз кхочушхилча, – д1асадаржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат
10
. Аш хьехаве
11
Дела дуккха а - шу даккхийдедайта. |
فَإِذَا قُضِيَتِ الصَّلَاةُ فَانتَشِرُوا فِي الْأَرْضِ وَابْتَغُوا مِن فَضْلِ اللَّهِ وَاذْكُرُوا اللَّهَ كَثِيرًا لَّعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
|
11 Аят |
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь
12
. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх". |
وَإِذَا رَأَوْا تِجَارَةً أَوْ لَهْوًا انفَضُّوا إِلَيْهَا وَتَرَكُوكَ قَائِمًا قُلْ مَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ مِّنَ اللَّهْوِ وَمِنَ التِّجَارَةِ وَاللَّهُ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
|