1 Аят |
Стигалх а дуй боу Ас‚ /буса кхетачу/ седанах а дуй боу Ас. |
وَالسَّمَاءِ وَالطَّارِقِ
|
2 Аят |
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/, и / буса кхетарг/ хIун седа бу? |
وَمَا أَدْرَاكَ مَا الطَّارِقُ
|
3 Аят |
Бода хадош болу седа бу иза. |
النَّجْمُ الثَّاقِبُ
|
4 Аят |
Цхьа а са ма дац, шена тIехь тергамхо
1
волуш бен. |
إِن كُلُّ نَفْسٍ لَّمَّا عَلَيْهَا حَافِظٌ
|
5 Аят |
Хьожийла адам‚ ша стенах кхоьллина ду! |
فَلْيَنظُرِ الْإِنسَانُ مِمَّ خُلِقَ
|
6 Аят |
Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих. |
خُلِقَ مِن مَّاءٍ دَافِقٍ
|
7 Аят |
Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIахкех (т1ехкех). |
يَخْرُجُ مِن بَيْنِ الصُّلْبِ وَالتَّرَائِبِ
|
8 Аят |
Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзо
2
ницкъ кхочуш верг. |
إِنَّهُ عَلَى رَجْعِهِ لَقَادِرٌ
|
9 Аят |
Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь. |
يَوْمَ تُبْلَى السَّرَائِرُ
|
10 Аят |
Ма бац цунна (къинош диначунна) ницкъ а‚ ма вац цунна (къинош диначунна) гIоьнча а. |
فَمَا لَهُ مِن قُوَّةٍ وَلَا نَاصِرٍ
|
11 Аят |
Стигалх а дуй боу Ас‚ шегахь юхадерзор долчу (шен хен-хенахь доьлху догIа долчу). |
وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الرَّجْعِ
|
12 Аят |
Лаьттах а дуй боу Ас‚ шегахь дāдар долчу /орамат схьадолуш/: |
وَالْأَرْضِ ذَاتِ الصَّدْعِ
|
13 Аят |
баккъалла а, и /Къуръан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх! |
إِنَّهُ لَقَوْلٌ فَصْلٌ
|
14 Аят |
Иза забар яц-кх! |
وَمَا هُوَ بِالْهَزْلِ
|
15 Аят |
Баккъалла а, уьш (керстанаш) мекарло йеш бу мекарло ярца. |
إِنَّهُمْ يَكِيدُونَ كَيْدًا
|
16 Аят |
Ас а йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло. |
وَأَكِيدُ كَيْدًا
|
17 Аят |
Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца, Деле царна сихха 1азап дар ца доьхуш/‚ Ас а буьтур бу уьш цхьажимма /т1аьхьа дийр ду царна хьакъ долу 1азап, уьш, дохко а беввла, динна т1е ца берзахь/. |
فَمَهِّلِ الْكَافِرِينَ أَمْهِلْهُمْ رُوَيْدًا
|