| 1 Аят |
| /Массо а Шеца хила там боцчу вочу сибатех/ ц1анъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-Кхобучун цIе
1
! |
سَبِّحِ اسْمَ رَبِّكَ الْأَعْلَى
|
| 2 Аят |
| Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚
|
الَّذِي خَلَقَ فَسَوَّى
|
| 3 Аят |
| ишттаниг а ву Иза, Ша /массо а х1уманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚ |
وَالَّذِي قَدَّرَ فَهَدَى
|
| 4 Аят |
| ишттаниг а ву Иза, Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу. |
وَالَّذِي أَخْرَجَ الْمَرْعَى
|
| 5 Аят |
| Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла, Iаржъелла яраш. |
فَجَعَلَهُ غُثَاءً أَحْوَى
|
| 6 Аят |
| Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза
2
|
سَنُقْرِؤُكَ فَلَا تَنسَى
|
| 7 Аят |
| Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучохь дерг а‚ къайлахь дерг а. |
إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ وَمَا يَخْفَى
|
| 8 Аят |
| Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна
3
/тIаьхьахIотта хьо/. |
وَنُيَسِّرُكَ لِلْيُسْرَى
|
| 9 Аят |
| Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайда
4
бахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/! |
فَذَكِّرْ إِن نَّفَعَتِ الذِّكْرَى
|
| 10 Аят |
| Т1елоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо. |
سَيَذَّكَّرُ مَن يَخْشَى
|
| 11 Аят |
| Цунах хийрвер ву хьуна т1ех дакъазаваьлларг. |
وَيَتَجَنَّبُهَا الْأَشْقَى
|
| 12 Аят |
| Иза ву хьуна вогур волуш йоккхачу цIергахь. |
الَّذِي يَصْلَى النَّارَ الْكُبْرَى
|
| 13 Аят |
| ТIаккха иза лийр а вац цигахь /1азапах парг1ат а волуш/, вехар а вац /ирсечу дахарехь/. |
ثُمَّ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَى
|
| 14 Аят |
| Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚ |
قَدْ أَفْلَحَ مَن تَزَكَّى
|
| 15 Аят |
| ша Кхиош-Кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз динарг. |
وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّى
|
| 16 Аят |
| ХIетте а, аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/! |
بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
|
| 17 Аят |
| Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара! |
وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَى
|
| 18 Аят |
| Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь
5
дерг а‚ |
إِنَّ هَذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَى
|
| 19 Аят |
| ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а. |
صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَى
|